Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. Къиноша, адамаш Іожаллина тІе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш. Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду. Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Іожалла кхуллу. И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КІантаца ду.
Выбор основного перевода