Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дІадоьллуш хилча, хІун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таІзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.) Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло? Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хІета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хІинца а хІунда ян еза? Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хІунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина. Товрат-хьехамаш тІаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира.
Выбор основного перевода