Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Цундела шаьш доІа дечу хенахь хІокху дешнашна тІе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цІе сийлахь хуьлда! Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. Иза иштта хилахь, массо а хІуманна тІехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гІуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тІехь кхиамаш а бохур бу аша. Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода