Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду. Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. ХІинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чІагІделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш. Суна нийса хета, хІара дегІан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода