Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а». Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу. Цунна везаш волчу Цуьнан КІантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна. Дала леррина къобалвинчу Іийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза. Шен долахь берш кхоччуш паргІатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина. Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тІера шу дІа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода