Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тІера Іамийна дела, дика долчух а кхета хьо. ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цІена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла. Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чІогІа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Іемира дика а, вон а къасто.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода