Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. Іийсас жоп делира царна: «Далла лерина гІуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар». Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра, Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна. ТІаьххьара де тІекхаччалц Цо шу тешарехь чІагІдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волчу дийнахь шу ала хІума доцуш цІена хилийтархьама. шайна гІоле дерг хІун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шу цІена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, ХІунда аьлча Шен дикачу Іалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гІуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву. Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахІитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чІогІа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. ТІекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хІара.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода