Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тІера Деле чІогІа доІанаш дар. Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. Ткъа Тимапи, зийначул тІаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КІанта шен деца ма-дарра, цо соьца гІуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа. Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода