Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Неаполера дІа тхан некъ римхой Іаш болчу Македон-мехкан коьртачу гІала Пилапе бара. Цу гІалахь оха масех де даьккхира. ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гІуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. Іийсах тешачийн тобанан гІайгІабийриг цхьанна а стеган ала хІума доцуш цІена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тІеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. Малар тІехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. Динан куьйгалхойн гІоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагІар малар тІех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. ХІара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу а ПахІалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а. Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а. Ишттанаш дІахІиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хІума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Іийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтІахь дац ала. Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хІума доцуш хила веза динан тобанан гІайгІабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгІазе а, сиха а воцуш, маларна тІера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. Безамца хьеший тІе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда. Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода