Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Аса, сайн лаам а болуш, и гІуллакх деш делахьара, Делера совгІат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тІаккха сайна тІедиллина долу гІуллакх кхочушдо аса. Динан вежарий, шуна дІахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дІакхайкхорна тІехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. Цхьа а хІума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хІораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода