Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Цу тІехь хир ду сан кІелхьарвалар, хІунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахІотта ваьхьар вац. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Тхуна тІера доІанаш а деш, цу гІуллакха тІехь аша гІо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доІанашка Дала ладогІарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу. Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахІуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тІекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун?
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода