Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Муса лома тІе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тІера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тІаьхьене, исраилхошка, дІаала: Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац. Цундела хьалха бина барт а цІийца чІагІбина бара.
Выбор основного перевода