Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хІунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. ТІаккха Цо тІетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса». Иза вайн къинош дІадахаран сагІа ду. Ткъа и сагІа, вайн къиношна тІера тоьъна а ца Іаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тІера тоьар ду.
Выбор основного перевода