Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тІаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чІерашна тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге а лаьтта тІера дийнаташна тІехь а». «ХІунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгІат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хІунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама. Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича». «Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тІехь яздийр ду Аса». ТІаккха Цо тІетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса».
Выбор основного перевода