Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Варелахь, лам тІехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар». Цо Ша делла тхуна похІма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гІуллакх дан. ХІунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо. Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. Цунах гуш ду Іийса тоьллачу бертан закъалт хилар. Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дІадаха Цо тІеэцна Іожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама. керлачу бертан Юкъарлонча волчу Іийсана, Хьабулан цІийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тІехьорсучу цІийн цинцашна.
Выбор основного перевода