Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’“. Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза. Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Іийса дагахь латтавелаш. Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КІант Іийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. Оцу езачу меттиге вайл хьалха Іийса вахана, Малки-ЦІадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла. Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цІена а, къинош летийначарах дІакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а. Дала леррина Къобалвинарг веара, хІинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац). тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Іийсана тІе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жІара тІехь валар лайра, эхь тІе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хІинца Иза Делан паччахьан гІантана аьтту агІор, баьрччехь, хиъна Іаш ву.
Выбор основного перевода