Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Варелахь, лам тІехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар». Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара. ХІунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегІан ІиндагІ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду. Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цІандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хІокхарал а тоьллачу сагІанашца цІандан деза. Тешар хиларна, цу хенахь хІинца а ган йиш йоцуш долу хІума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кІелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тІаьхьало елла цунна Дала. Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дІа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тІехь къамел дечуьнга ла а доьгІна, уьш а кІелхьара ца бевллехь, вай муххале а кІелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дІадерзахь.
Выбор основного перевода