Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо. Хьан мостагІий эшо хьуна гІо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТІамехь даьккхинчух уьтталгІа дакъа Малки-ЦІадакъина дІаделира Ибрама. ИбрахІиман а, цуьнан тІаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахІима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара. Тешар хиларна, ИбрахІима, ша зийча, сагІа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тІеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кІант сагІина дІавала резахилла иза.
Выбор основного перевода