Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. Ткъа хІинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Іадаташна а тІе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна? Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ІиндагІ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хІора шарахь гуттар а дохучу сагІанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогІу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу. Кхечу тайпана хилча, цара и сагІанаш дохур дацара, хІунда аьлча цкъа къинах цІан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна. Амма сагІанаш дахарца хІора шарахь а къинош дагадохкуьйту. ХІунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цІийно къинош дІадохур дац.
Выбор основного перевода