Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгІа дакъош Аса левихошна дІало, цара гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш хиларна. «Левихошка, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана совгІат санна дІадала деза. «Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагІанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа. Юсупан кІентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тІаьхьенашна латта ца деллера, царна гІаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. АхІаронан цІийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгІа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тІаьхьа левихоша шайна дІакхаьчначу уьтталгІачу декъа тІера кхин уьтталгІа дакъа Делан цІа чохь йолчу чІоьнаш чу охьадилла деза.
Выбор основного перевода