Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ша ницкъ а болуш дІахІоьттича, Іузи-ЯхІун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хІунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цІа чу, цу чохь хаза хьожа йогІу хІума ягорхьама. Цара, Іузи-ЯхІу-паччахьна дуьхьало а йина, цуьнга элира: «Іузи-ЯхІу, ахьа яго ца еза Везачу Элана лерина хаза хьожа йогІу хІума. Иза оцу гІуллакхна къобалвинчу АхІаронан тІаьхьенах болчу динан дайн гІуллакх ду. Аравала Делан цІа чуьра, хІунда аьлча ахьа къа латийна, ткъа иза Везачу Элана гергахь хьан сийнна хир дац». Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш? Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхІудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хІумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна. ХІинца Иза лаьтта тІехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хІунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагІанаш дохуш болу динан дай.
Выбор основного перевода