Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дІакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду. Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза. Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш. ХІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву. Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дІадолу. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цІа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хІинца вайн дуьхьа Далла хьалха хІотта. И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хІинца тхуна довзийтина иза. Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хІара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГІодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Іийса – Делан лаамехь Верг. Шу охьаэгарх лардан а, цІена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хІотто а ницкъ бу Делан. Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хІинца Со ерриг а тІейогІучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Іожаллин а, эхартан а догІанаш.
Выбор основного перевода