Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила». ХІунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула деана ду. Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета. Вай Цунах тешар бахьана долуш, Іийсас Делан доккхачу диканна тІекхочийла хилийтина вайна. ХІинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац. Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал! Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал? Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх! Шен Са а, шуна юкъахь дина Іаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?! Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу. Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахІимца а декъала хуьлу. Ткъа товрат-хьехамашна тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неІалтана кІел бу. ХІунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тІехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. Ткъа товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хІунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву». Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а. Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чІагІбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хІумма а цунна я тІетоха, я иза бохо а. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла. ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца. Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву! ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Іалашо яра Дала чІагІо еш лур ду аьлларг Іийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш. Ткъа и тешаран зама тІекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц. Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тІе хІоттийна волу тІехьожург санна, дара товрат, тІаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. Ткъа хІинца, и тешар деана дІахІоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца шу массо а Делан кІентий ду. ХІинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Іийсан бедарш тІеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тІаккха шу ИбрахІиман тІаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чІагІо еш, лур ду аьлларг. Іийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гІантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гІо дайтархьама. Дала ваІда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хІума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дІадахана долу вай чІогІа иракарахІиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тІехь латтархьама. Кхечу динан дайшка деллачул а Іийсага делла динан гІуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гІолехь бу, иза тоьллачу чІагІонашна тІехІоттийна болу дела. Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. И четар хІинцалерчу заманан билгало ю: совгІаташа а, сагІанаша а Далла Іибадат дечун дог цІандан ца тарло,
Выбор основного перевода