Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Ярушалайман халкъ, мостагІашна дуьхьалдаккха хІинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тІе Іаса еттар ю. ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да. „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“» Нахьшон Іамминадабан, Іамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхІудан, И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХІара ду ЯхІудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тІера ворхІ мухІар дІадаккха а, иза дІаделла а».
Выбор основного перевода