Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«АхІарона а, цуьнан кІенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа иштта хила деза: бархІ кад тоьлла кІен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кІен сагІина лерина, царах ах – Іуьйранна, важа ах – суьйранна. АхІароне Мусас элира: «СагІа доккхучу кхерчана тІе а гІой, хьайна тІера къинан сагІа а даккха, дийнаташ дагоран сагІа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама. Халкъо деана совгІаташ схьаэца, наха летийна къинош дІадахархьама, Везачу Эло тІе-ма-диллара». Шена тІера къинан сагІина лерина старгІа а йийна, ша а, шен цІийно а летийна къинош дІадохур ду цо. Къинан сагІина халкъана тІера бож юьйр ю цо, тІаккха цуьнан цІий а, старгІин цІий санна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негІарна тІе а, ворхІазза бартбаран тІорказна хьалха а тухур ду цо. Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Іийса дагахь латтавелаш. Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КІант Іийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хІоттаво адамийн дуьхьа Далла Іамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагІанаш даха а. Цундела нахана а, шена а тІера даха деза цо сагІанаш шаьш летийначу къинойх. Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хІара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гІантана аьтту агІор Іаш динан коьрта Да ву вайн. Дала леррина Къобалвинарг веара, хІинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац). Гезарийн а, эсийн а цІий доцуш, Шен цІий а Іанийна, цкъа Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргІатдовлар даьккхина Цо. Нагахь эсийн а, гезарийн а цІийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тІетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цІанбеш хилча, цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дІадаха Цо тІеэцна Іожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама. Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу. Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тІаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагІанца адамийн къа дІадаккха. иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагІина дІавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тІеэцархьама. Ткъа Иза шолгІа, къинош дІадаха а ца вогІуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кІелхьардахар тІеэцархьама вогІур ву. Муьлхха а динан да хІора дийнахь Далла Іамал еш ву, цкъа а къинош дІадахалур доцу цхьатерра сагІанаш мосуьйттазза а дохуш. Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагІанаш даха кхин ца оьшу.
Выбор основного перевода