Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Настарш а, хенаш а кегдина, пІелаштамхой охьабехкира цо. Цул тІаьхьа иза ІайтІам олучу тархана уллорачу чІожа чохь охьахиира. Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бІаьрг бахьана долуш пІелаштамхошна бекхам бан». ЕшаІ-ЯхІус элира: «Іаьвдина инжирийн курс схьаэца». Іаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тІейиллира цара. ТІаккха паччахь товелира. Ткъа хІара кхо стаг, Шадрак, Мешак, Іабди-Нага а, вихкина а волуш, цІе летта йогучу пеша вуьйжира. Жимма хан яьлча, пеша хьоьжучу Набухди-Нецара, инзар а ваьлла, сихха хьала а иккхина, шена гонах болчу элашка хаьттира: «Кхо стаг вацара вай вихкина цІерга кхоьссинарг?» – аьлла. Цара жоп делира паччахье: «ЦІена бакъ ду-кх иза, паччахь!» – аьлла. Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХІан-хІан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цІарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгІачун васт маликачух тера ду».
Выбор основного перевода