Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
КІант воккха хилира. Нанас иза пирІунан йоІе дІавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КІентан цІе Муса тиллира пирІунан йоІа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела. Цул тІаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Іебархочунна етташ. ДІа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гІамарла воьллира Мусас.
Выбор основного перевода