Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Іаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а. ХІунда аьлча Цо элира – иза хилира, Цо омра дира – иза дІахІоьттира. ХІунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хІуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна. Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахІим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха. Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.
Выбор основного перевода