Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча Хьан цІийне болчу хьагамо вагош ву со, ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тІе эгадо. Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагІаша бина дегабаам а, сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а. Нагахь маликашкахула аьлла дош чІогІа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогІарна а таІзар деш а хилча, Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла. Иштта шайн доьналлех ма доха, хІунда аьлча цунах шуна доккха совгІат лур ду.
Выбор основного перевода