Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цул тІаьхьа, ИбрахІиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахІим!» ИбрахІима жоп делира: «Со ладугІуш ву». ТІаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кІант Исхьакх, Мори-махка дІа а вигий, Ас гойтун болчу лома тІехь, вен а вей, сагІина вагаве». Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагІа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гІо аьллачу метте дІавахара ИбрахІим. КхозлагІчу дийнахь, корта хьала а айина, дІахьаьжначу ИбрахІимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира. ИбрахІима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кІант а, цига дІа а вахана, Далла лерина гІуллакх а дина, юхавогІур ву». СагІа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тІе а диллина, урс а, цІе а схьаийцира ИбрахІима. Цхьаьний дІаволавелира и шиъ. Шен дега ИбрахІиме элира Исхьакха: «Дада!» «ХІун боху ахь, сан кІант?» – хаьттира ИбрахІима. «Суна дечиг а, цІе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагІа доккхуш вай багор болу Іахар мичахь бу?» «Дала Ша боуьйтур бу сагІа даккха Іахар, сан кІант», – элира ИбрахІима. КхидІа а цхьаьний дІавахара и шиъ. Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахІима сагІа даккха меттиг кечйира, тІулгаш а дехкина. Царна тІе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тІе шен кІант Исхьакх охьавиллира цо. Урс схьа а эцна, шен кІантана иза хьакха кечвелира иза. Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахІим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахІим!» «Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахІима. Малико элира: «Ма велахь кІант, цунна зе ма делахь. ХІинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтІахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кІант Сан дуьхьа ахь ца кхоор». ДІахьаьжначу ИбрахІимна гира, коьллех маІаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТІевахана, схьа а лаьцна, шен кІентан метта Далла леринчу сагІина и ка бийра цо. Цу меттигна ИбрахІима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цІе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тІехь Везачу Эло оьшург ло», – олий. Малки-ЦІадакъас, ша Левин тІаьхьенах вацахь а, ИбрахІимера уьтталгІа дакъа схьа а эцна, Дала чІагІо йина волу иза декъалвира. Шен гІуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахІим, шен кІант Исхьакх сагІа доккхучу меттиган тІулгашна тІе а виллина?
Выбор основного перевода