Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нунин кІанта ЮшаІа Шитим цІе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гІой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гІаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цІе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Іаш. Цуьнан цІийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг. Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла». ТІаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу». Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву. Сарахь гІалин ков дІакъовлале, и шиъ дІавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тІаьхьагІахь, шу тІаьхьакхиа а мега царна». Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тІехь кхалор йоцчу тхов тІе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу вēтанан цІевнаш юккъе дІалачкъийнера цо. Паччахьан нах гІалех арабевлира. Ков царна тІаьххье сихха дІакъевлира. Шина исраилхочунна тІаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дІабахара уьш. Ши исраилхо дІавижале, зуда тхов тІе хьалаелира и шиъ волчу. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хІунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. Ткъа хІинца Везачу Элах чІагІо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цІийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна, сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Іожаллех кІелхьардохур ду алий». Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гІуллакх аш дІа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хІара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду». Цу зудчун цІенош гІалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира. Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тІе, дІагІо, шайна тІаьхьабевлларш тІе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Іе цигахь дІаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тІаьхьа шайн новкъа дІагІор шу». Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чІагІонах тхо паргІат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь: тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хІара цІен тІийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а – хьайн ден берриг а доьзал хьо Іаш йолчу цІа чу гулбе. Нагахь цІа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цІа чохь волчунна тІе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цІий тхох хьаьрчар ду. Нагахь ахь оха деана гІуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чІагІонах тхо а паргІат хир ду». Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дІа а хьажийна, корах цІен тІийраг йихкира цо. Лам тІе а веана, цигахь кхаа дийнахь Іийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хІара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах. Лам тІера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кІантана ЮшаІана тІевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо. Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу». Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гІуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тІе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дІа а хьовсийна.
Выбор основного перевода