Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Со шуна юккъехь тІевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дІаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дІаерзо», – элира цо цу нахе. Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бІе ткъе итт шо ду. КІезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дІа ца нисвелла со». Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву.
Выбор основного перевода