Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» – бохуш. Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхІ дийнахь юьхьІаьржачу хІоьттина Іан ца дезара цуьнан? ХІинца ворхІ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тІаьхьа иза юхаерзо мегар ду». Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. ТІаккха НаІаман, хин тогІи чу охьа а воьссина, ворхІазза Йордан-хи чу велира, Делан стага шега ма-аллара. Цуьнан дегІ, жимачу беран санна, карла а даьлла, цІанделира. Куьг дІа а кховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира.
Выбор основного перевода