Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хаьттира: «И хІун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Іаса ю-кх». И Іаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хІуманаш гойтур ду ахь». Мусас шен зуда Ципара цІа яхийтина йолуш, цуьнан стундас Итара шен йоІ а, цуьнан ши кІант а тІеэцнера. Шина кІантах цхьаннан цІе ГІиршам яра (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду). И цІе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела. Вукху кІентан цІе ЭлиІазар яра (и цІе «Дала суна гІо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гІо а дина, пирІунан туьрах со кІелхьарваьккхина». «Хьайн Іаса схьа а эций, ахьа а, АхІарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тІулган тархе деха, тІаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». Веза Эла волчуьра, тІорказна уллора, Іаса схьаийцира Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара.
Выбор основного перевода