Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошка а хьаьжна, церан Іалашо ян лиира Далла. Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Исраилхойн къаноша хьоьга ладугІур ду. Уьш а эций, пирІунна тІегІо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Іебархойн Дела, веана тхо долчу. ДІахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дІа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагІа даккха дезаш ду тхо“. «Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгІачу билгалонах тешар бу. Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цІий хир ду», – элира Везачу Эло. аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагІа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цІеношна уллохула тІех а ваьлла, мисархошна таІзар дира Цо, ткъа вайн цІенош Іалашдира“». ТІаккха Везачу Элана хьалха охьатаьІира халкъ Цуьнга болчу ларамна. ТІаккха Дауд-паччахьо гулбеллачаьрга элира: «ХІинца декъалве аша вайн Веза Дела!» ТІаккха оцу гулбеллачу массара а декъалвира шайн Веза Дела, цул тІаьхьа, гора а хІиттина, охьатаьІира уьш Везачу Элана а, паччахьна а.
Выбор основного перевода