Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хаьттира: «И хІун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Іаса ю-кх». «Нагахь пирІуно тамашийна хІума гайта алахь, ахь АхІароне ала: „Хьайн Іаса схьа а эций, пирІунна хьалха охьакхосса“. Іасанах лаьхьа хир бу». ПирІун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхІарона а. АхІарона шен Іаса пирІунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира – Іасанах лаьхьа хилира. ТІаккха пирІуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхІарона диннарг дира. Царах хІорамма а шен Іаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхІаронан Іасано дІакхаьллира церан Іасанаш. ПирІунан дог чІагІделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгІира Мусага а, АхІароне а. ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун ша бохучунна тІехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дІахеца. Кхана пирІун волчу гІо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дІахІотта, шех лаьхьа хилла Іаса хьайн буйна а лаций. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дІаала: ‘ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Іибадат дайта. ХІинццалц ахь ла ца доьгІна Цуьнга. Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. Хи чуьра чІара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогІур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен Іаса хьала а айина, пирІунан а, цуьнан уллорачеран а бІаьргашна хьалха Нил-хи тІе туьйхира АхІарона. Дерриг а хих цІий хилира.
Выбор основного перевода