Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Мусас а, АхІарона а, пирІунна тІе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хІотто“». «Мисаран паччахь волчу пирІунна тІе а гІой, исраилхой шен махкара дІабахийта ала цуьнга». Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дІаала: ‘ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Іибадат дайта. ХІинццалц ахь ла ца доьгІна Цуьнга. Мисар-махкахь хІорра а дуьххьарлера кІант лийр ву, паччахьан гІанта тІехь Іаш волчу пирІунан кІантана тІера кІа оруш йолчу гІарбашан кІантана тІекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тІе даьлла боьрша хьайба лийр ду. Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира.
Выбор основного перевода