Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо-м тхан Да ву, ИбрахІимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цІе «Тхан ПаргІатдохург» ю. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте. исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Іибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваІданаш. Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
Выбор основного перевода