Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. ПирІунан дог чІагІделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгІира Мусага а, АхІароне а. Амма Везачу Эло чІагІдинера пирІунан дог, цо ла ца дуьйгІира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара. Дог а чІагІдина, исраилхой дІа ца хийцира пирІуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара. Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун волчу гІо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чІагІдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама. Амма Везачу Эло дог чІагІдина волчу пирІуно Исраилан халкъ юха а дІа ца дахийтира. И ерриг а тамашийна билгалонаш пирІунна хьалха гайтира Мусас а, АхІарона а, амма, Везачу Эло дог а чІагІдина, пирІуно шен махкара дІа ца бахийтира исраилхой. Везачу Эло элира: «Куьг дІа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цІога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Іаса хилира. «Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгІачу билгалонах тешар бу. Амма Хьешбон-гІалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тІехула вай чекхдовлийта, хІунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чІагІдира, хІинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дІавалархьама. Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чІагІдина, исраилхошна тІамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагІий хІаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, хІаллакбан безара уьш. Хьайн некъаш тІера тхо гал хІунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чІогІа тхан дегнаш чІагІ хІунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирІуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дІахІоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тІехь массо а адамашна Сайн цІе йовзийтархьама а». Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
Выбор основного перевода