Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло Іеминчеран мотт белла Суна, гІелвеллачунна гІо даран дош суна довзийтархьама. ХІора Іуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогІийта. Шен куьг дІа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХІинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас. Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. ТІаккха, шаьш царна хьалха кхеле хІиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гІайгІа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дІаала. ХІунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». Шаьш гуламан цІа чу, я хьаькамашна, я Іедална тІе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Іамор ду шуна». Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн.
Выбор основного перевода