Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе кхочур ду шу. Со шуьца вогІур вац, новкъахь шу хІаллак ца дархьама, хІунда аьлча шун халкъ чІогІа аьрха ду». ХІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДІаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дІавеача а, Ас атта хІаллакдийр дара шу. Шайна тІера дашо хІуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хІун дан деза“». Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дІаволахьа. ХІара халкъ чІогІа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дІаэцахьа тхо». Везачу Эло Мусага элира: «ХІара халкъ мел Іийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Іийр ду иза? Лен ун а кхетийтина, хІаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цІийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду». Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хІара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, тІаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бІогІамна юккъехь, буьйсанна цІеран бІогІамна юккъехь вогІу а аьлла. Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хІаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: „Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тІе а ца дигаделла, яьссачу арахь хІаллакдина и халкъ“, – аьлла. Ткъа хІинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: „Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра». Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дІахададейша, ма хилийша кхин дІа а юхахьара. ХІинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтІахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цІенна тІе дуьйла. Шайн Везачу Далла гІуллакх де, тІаккха Цо Шен чІогІа йолу дералла шуна тІера дІайоккхур ю. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.
Выбор основного перевода