Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тІехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Іийра иза лам тІехь. Везачу Эло шуьца бина барт тІеязбина йолу тІулган экъанаш схьаэца со лам тІе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш. Цара элира АхІароне: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна“.
Выбор основного перевода