Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгІазлонан а, дераллин а цІе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тІехь яздина долу дерриге а неІалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цІе а дІайойур ю лаьтта тІера. Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира, Іесанаш Ахьа хІаллакбира, абаденналц церан цІераш а дІаяйира. Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кІентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра.
Выбор основного перевода