Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла. ТІаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТІаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.
Выбор основного перевода