Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш». Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дІа ма херло, цІеначу дагца Цунна гІуллакх а де. Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дІадаха Іамор ду. Тахана сан бала Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега».
Выбор основного перевода