Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара. Везачу Эло Мусага элира: «Динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дІаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хІаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. Цундела ахьа Пайнехьасе дІахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш». Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догІалахь. Хьан бІаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. Амма иза вей дІаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тІе айина, иза верхьама. Цул тІаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тІехь. Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Іалаш а бина. Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цІарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.
Выбор основного перевода