Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра». Дийна болчеран тептар тІера церан цІераш дІайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цІерашца цхьаьна церан цІераш ма язйойла. Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цІераш Дала стигалшкахь дІаязъярх даккхийде». Дала леррина Къобалвинчух со дІакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. Бийначу Іахаран карахь долчу дахаран тептар тІе шайн цІераш дуьне кхуллуш дуьйна а дІаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Іамал еш хир ду. Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хІинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Іин чуьра хьала а даьлла, шен хІаллакьхиларна тІедогІур ду. ТІаккха, хІара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХІунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тІаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогІур ду. Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу.
Выбор основного перевода