Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. «Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Іалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дІавига а. Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХІинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугІура. Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира, ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора.
Выбор основного перевода