Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хьалха шайна дато а, дашо а цІуш ма бе. ДІахьаьжча, суна гира шайн Везачу Далла дуьхьал аш къа латийна хилар, старгІин сибатехь шайна лалийна цІу а вина. Шу сиха дІадевллера Везачу Эло шуна дІакхехьа динчу весетан некъа тІера. Микас и дети шен нене дІаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кІант, хьуна тІера хІара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦІу а вай, цунна тІе дети дилла. ХІинца аса хьуна и дети юхало». Амма Микас дети шен нене юхаделира. Ткъа цо, ши бІе шекхал дети схьа а эцна, иза дато пхьере дІаделира. Цу пхьеро цунах тІе дети диллина волу цІу вира. И цІу Микин цІа чохь дІахІоттийна вара. ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгІа йира, лалийначу деших винчу оцу цІунна Іибадат а дира. Цара эсанан суьртехь цІу а вина, цунна сагІа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гІуллакхна деза де хІоттийра.
Выбор основного перевода