Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хІорда чу кхоьссина. Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгІазалла царна тІе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш. Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гІудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хІорда чохь дІахьулйинера Цо, уьш шуна тІаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тІекхаччалц Везачу Эло уьш хІаллакбина латтийра. Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагІий хІордо къайлабехира.
Выбор основного перевода